ru
Ахьмадан Муса

Гулдина йозанаш 2

Avise-me quando o livro for adicionado
Para ler este livro carregue o arquivo EPUB ou FB2 no Bookmate. Como carrego um livro?
Яздархочун Ахмадов Мусан гулдинчу йозанийн шолгIачу жайни юкъаяхнарш романаш ю. «Сатоссуш, седарчий довш» 1986 шарахь, «МаьркIажехь дитташ» 1989 шарахь (Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан киншкаш арахоьцийла), «Буьйсане доьдура хи» 2002–2003 шерашкахь («Орга» журнал) зорбане яьлла. И хьалхара роман шатайпа хилам бара нохчийн литературехь, коьртачу турпалхочун дог-ойланна, психологически вастана коьрта меттиг дIаяларца. Муьлхха а стаг, чIагIдора яздархочо, «ваха волало, адамийн декхарийн беза мохь а оьций; цхьаболчара и дIакхоьхьу, мел хала делахь а, кхечара дIатосу, шайна атта бахархьама…» (Минкаилов Э.). Адамийн синкхетамна, синпаргIатонна Iедалан идеологин машено бина ницкъ, Iаткъам шен иэрчаллица мабарра гойту М. Ахмадовс «МаьркIажехь дитташ» романехь. Массо а цхьана амале, цхьана лааме валош, цунна дуьхьал верг дахарна юьстах воккхуш, оцу Iедало а, цуьнан хьадалчаша а «баьхна кхиамаш» гуо вайна. Делахь а коьртачу турпалхочун кхузахь а ницкъ кхочу оцу аттачу, дегIана тамехьчу новкъа ца вала, цунах ларвала. Хьалхарчу шина романо валийча санна хета автор «Буьйсане доьдучу хи» тIе. Синкхетаман, синпаргIатонан тIегIанехь иэша доьллачу адамийн барам совбаларо бохамна тIекхачабо романан турпалхой. И бохам Iаламехь хилла а ца Iа, церан дегнашкахь бу, цIенчу, оьздачу мехаллех хеддачу. Амма дерриг дайна цахилар гойтуш, кханенах тешам буьтуш чекхволу юха а коьрта турпалхо…
Este livro está indisponível
673 páginas impressas
Já leu? O que achou?
👍👎

Nas estantes

fb2epub
Arraste e solte seus arquivos (não mais do que 5 por vez)